| Нагахь Нагахь висахь хьо цхьаъ воьхна воцуш, Массо воьхна хьоькхуш шийла мохь, Нагахь хилахь тешам дагчохь кхобуш, Нах дIакъехкаш, тешам байна хьох; Нагахь хаахь собар долуш хьежа, Пуьташ нехан ца бахь тергал ахь, КIо верг витахь ахь ца ваьлла къежа, Ткъа хьайх шайх а, диканиг ца вахь; Нагахь бацахь хьуна болх сатийсам, Нагахь вацахь ойланийн хьо лай, Нагахь толам, бохам боцуш хийцам, Ахь тIелацахь массо хенахь байн; Нагахь хаахь, бакъо ца луш лекъа, Лан дош шалха даккхар лежиго, Эшахь велахь кийча Бахам бекъа, Яхь ца йожош, боло керла го; Нагахь хIоттахь хьайн дерг цхьана метта Боле дилла, доцуш цхьа а "дуй", Долчух ваьлча, бага ахь ца еттахь, Дохковаьлла, кхулуш бIаьргийн суй; Нагахь хьоьга гIора, ойла гуллахь, Хьо цхьаъ висча, боцуш дегIехь ницкъ, Шовкъ ца магош царна лахъян, хьулъян, "Латта!" – бохуш хьайга боцуш "чIикъ"; Нагахь гонехь къамел далахь маьрша, Паччахьашца далахь иштта и, ДоттагI хастош, мостагI ца вахь аьшнаш, Сий хьайн лардеш, лардахь нехан сий; Нагахь елахь еза секонд, ала, ХIорра минот ларахь ахь некъ беш, ХIара латта хьуна делла Дала, ТIе хьо – Адам – цунна со ву теш! |